ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо вийначу хIирин гергарчара маслаIат лоьху


Дахначу кIиранах Геленджикехь "Ретро" кафе хьалха къизаллица нохчо вийна аьлла, хаам баьржира социалан машанашкахь. 24 шо долчу хIирин Кокоев Артуран а, Нохчийчуьрчу 21 шаре ваьллачу Ажиев Мохьмадан а дов даьллера, полисхой юкъа а гIерташ. Ши довхо дIа а къастийна, полисхой юьстахбевллачу юкъанна Ажиевн дагах урс тоьхна, къайлавала аьтто хиллера Кокоевн. Гинчара тоьшаллаш дарехь, Кокоев а, цуьнан накъостий а каьркъа мелла хилла.

Социалан машанехь лехамашка ваьккхинера Кокоев нохчаша а, гIалгIаша а. Ахча а кхайкхийнера, иза волу меттиг бийцинчунна. Нохчийчуьрчу арахьарчу зIенинй департаментан куьйгалхочо Хаджимурадов Iийсас кхайкхамбира бахархошка, шайггара кхел цаяр доьхуш. "Кокоев цуьнан гергарчара дIалаьцна, Беслан гIалин полици валийна. Мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Къилбаседа ХIирийчохь векал волчу Дошукаев Руслане вийначун гергарчаьрца маслаIат дарехь гIо доьхуш бу куьйгбехкечун гергарнаш",- хаамбина Хаджимурадовс.

Вийнарг дIа а вуллуш, кхоалгIа де а ду иза ваьхначу юьртахь тезет лаьтта. Ажиевн гергарнаш цкъачунна кийча бац маслаIате бахка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG