ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: цIеначу экологехь вай кхиочу сурсатийн мах охьабаккха гIерта цхьаболу нах


Махкахь теплицашкахь кхиочу хастоьмех магийна йоцу химикаташ а етташ, нахана юкъахь дIавш дийлар даьржа аьлла, социалан машанехь яьржина информаци бакъ ца йина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Лерина комисси а кхоллий, Нохчийчохь кхион стоьмаш а, хастоьмаш а таллар тIедиллинера ша, зераша гайтина даьржина хабарш бух боцуш хилар аьлла мехкан куьйгалхочо.

Регионеахь кхиочу стоьмех, хастоьмех, хих махкарчу бахархоша пайдаэцна ца Iаш, Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашкахь а, дозанал арахьа а мехала юьйлу. И питане хабарш даржочара сатуьйсу, "вайн цIеначу экологехь кхиочу сурсатийн мехаш охьадовларе" аьлла, дIахьедина Кадыровс.

Иштта жоьпе озор бу аьлла мессенджерашкахула харц хаамаш баржораш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG