ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра Iедал мафица дуьстина Iамеркарчу сенаторо


Оьрсийчоьнан Iедал мафица дустуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн сенаторан Кеннеди Джонан дешнашна комментари йитина Кремлехь. Президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс сенаторан дIахьедар "стереотипаш" а, "русофоби" а гучуяккхар ду аьлла.

"Оха ца леладо цIен-сирла куьзганаш, тхуна дика къаьсташ ду Iамеркан политикан истеблишмент (Iедалан коьртехь берш): шайн стереотипийн йийсарехь а, буьрсачу русофобин Iаткъамехь а хилар", - аьлла Песковс.

Оцу юкъанна цо билгалдоккху, "ша цу дешнех дикка кхеташ цахилар", хIунда аьлча, "муьлхачу контекстехь цо аьлла цахаарна".

Байначу беттан 30-чу дийнера карарчу беттан 4-чу дийне кхаччалц Москох яра Iамеркарчу сенаторийн тоба. Оцу юкъанна конгрессменийн масех цхьанакхетарш хилира арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца а, Пачхьалкхан Думан спикерца Володин Вячеславца а.

Iамеркерчу хьаькамийн визитна шаьш реза хиларх дIахаийтинера Кремло, ткъа шаьш сенаторша дIахьедора, цхьа а вовшахкхетар атта, тамехьа ца хилира шайн, бохуш. Иштта Кремло харцхьадаьккхира шайн ГIирмана аннекси ярх, Донбассерчу тIамех, Шемарчу конфликтна а, Iамеркан харжамашна а Оьрсийчоь юкъагIортарх йолийна дискуссеш аьллера конгрессменаша.

Сенаторо Кеннеди Джона дIакхайкхийра, "мафица гIуллакх хилар санна ду, Кремлца гIуллакх дар" аьлла.

"Политикан философи яц Оьрсийчохь. Стенах гIоьртина ю мафин политикан философи аьлла, хаттар хIоьттича, церан философи – ахча а, Iедалан урхаллехь латтар а ю. Изза философи ю Путинан а. Диктатор ву иза", - аьлла. тIетоьхна сенаторо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG