Оьрсийчоьнан регионашкахь долчу социалан-политикан хьолах рогIера хетарг Iорадаьккхина "Петарбухан политика" фондо.
Баттахь хиллачу 30 хиламна юкъахь ду Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Краснодарера Соьлжа-ГIала вало маса аьчкан некъ бар дийцаредаккхар. Политологаш 11-чу метте диллина и алар.
"Кавказ.Реалии" портале фондо кховдийначу кехат тIехь Кхарачойн-Чергазийчохь финансийн министраллехь талламаш бар 20-чу меттигехь лерина.
Пенси воьду хан тIетохарх хилла дискуссеш 1-чу могIарехь ю, дуьненан футболан чемпионат дIаяхьар 2-чу меттигехь.
Регионашкахь дIабаьхьначу хиламашлахь иштта коьртачех лерина 22 регионехь куьйгалхой харжар а (4-гIа меттиг), пенсин реформаш юкъаяхарна критика йина Ярославан кIоштан "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин куьйгалхо Боровицкий Ярослав даржах ваккхар а.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!