Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло хааме даьккхина, 12 шо долчу кIанта лелочу машенан буха ши шо кхаьчна кIант вахар. Грозненск кIоштарчу Октябран эвлахь хилла и некъан бохам.
Дега а ца хоттуш, машенан догIанаш схьа а эцна, машен хахка вахана цуьнан кIант-кхиазхо, дийцина "Кавказан узел" агенталле министраллан векало.
"Шен гергарчу нахе хьошалгIа веана хилла меттигера вахархо. Арахь дIахIоттийна лаьттачу цуьнан машенан догIанаш схьа а эцна хилла цуьнан 12 шаре ваьллачу доьзалхочо. Машен йолайолуьйтучу хенахь оцу хIусамерчу ши шо долчу берана ларамза тIетоьхна цо. Чолхе чевнаш йина и бер дарбан цIийне дуьгучу хенахь делла. Хиллачун гонах талламаш болийна", - аьлла, дийцина полисхочо.