ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураев Тимуран иллешка ладоьгIнарш жоьпалле озийна


Бард Муцураев Тимур
Бард Муцураев Тимур

Теркйист кIоштарчу прокуратурана "Интернет" машанехь мониторинг ечу хенахь гучудаьлла, меттигерчу шина вахархочо "ВКонтакте" олучу социалан машанехь бардан Муцураев Тимуран кхелан сацамца дихкина иллеш даржош хилар. Республикерчу прокуратуран сайт тIехь бина и хаам. Шина теркхочунна дуьхьал гIуллакх айдина, экстремистийн материалаш яржорна жоьпалла доьху.

"Кавказан узел" агенталлан зерашца, тIаьххьарчу шина шерачохь 19 стагна дуьхьал даьккхина административан гIуллакх, экстремистийн лерина, федералан тептаре даьхна бардан иллеш даржорна аьлла.

Нохчийчохь, къаьсттина тIемаш болчу шерашкахь гIараваьллера бард Муцураев Тимур. Оьрсийн маттахь дIаолура цо шен тIамах лаьцна, тIаьхьо джихIаде кхойкху иллеш.

Муцураевн цхьадолу иллеш экстремистийн лерина, уьш даржор, цаьрга ладогIар дихкина ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG