ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн пенсе боьлху хан 60 шаре охьаяккха тарло


Зударийн пенсе боьлху хан 60 шаре охьаяккха тарло пачхьалкхан Думехь низаман проект зийначул тIаьхьа аьлла, хаамбина "Интерфакс" агенталле парламентерчу церан хьостано. Делахь а, цара бахарехь, пенсин воьду хан тIетухучу низаман проектехь кхи баккхий хийцамаш хир бац дуьххьарчу ладегIаршкахь.

Парламенто билгалдаккхарца, хIинца йийцареен кеп ю, зудчун пенси йоьду хан шина-кхаа шарна охьайоккхуш. Делахь а, цу хьокъехь сацам хилла баьлла бац, дукхахдерг доьзна ду экспертийн гонашкахь документах йистяккхарца.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша хьалхо Думе прект кховдийнера, пенси воьду хан тIетухуш. Цуьнца а догIуш, зударийн хан 55 шарера 63 шаре яьккхинера, ткъа божарийн 60 шарера 65 шаре кхаччалц.

Кху беттан 19-чохь бовзуьйтур бу пачхьалкхан Думас шайн хилла сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG