ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн дош кагдина Басков Николайс


Стохка аьхка дийца даьккхира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан винчу дийнахь Лопырева Виктория а ялийна, Соьлжа-ГIалахь доккха той хIотто дош даларх Оьрсийчоьнан шоумено Басков Николайс. Ловзар юкъахделира, артистан ненада кхалхарца.

ХIетахь нускало Лопыревас чIагIо йира Оьрсийчохь дIахьон йолу футболан дуьненан чемпионат йирзинчул тIахьа, юха де билгалдоккхур ду шаьш аьлла. Ткъа чемпионат йолаелча Лопыревас дIахьедира, нагахь оьрсийн тобано оцу къовсамехь толам баккхахь ша маре гIур ю Басковга аьлла. Оьрсийчоьнан футболхойн финале бовла шансаш кIезиг хиларе хьаьжча, Лопыревас шайн ловзар хIуттур цахилар ду къадийнарг.

Ткъа Басковс тоаме ду аьлла, шена уллохь ерг Оьрсийчоьнан зударех уггар а хазаниг хилар.

Маршо Радионо яздира Инстаграмерчу шен агIон тIехь Кадыров Рамзана хаамбарх, Оьрсийчоьнан артистан Басков Николайн а, моделан Лопырева Викторин а ловзар ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь хIоттош хиларх.

"Ахмат" тобан матчана леринчу суьйренехь Басковс шега мареяр дехнера Лопырева Викторига.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG