ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиевн хьокъехь хеттарш дийр ду кхело Евкуровга


Оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан гIуллакхан хьокъехь хеттарш дийр ду Магасан кхелахоша мехкан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Беке. Хазбиевн интересаш йовзуьйтучу "Агора" бакъонашларъяран организацехь "Кавказ.Реалии" портале дийцарца, кхааридийнахь хир йолуш ю кхелан кхеташо.

Республикан куьйгалхочуьнга а, Iедалехь болчу хьаькамашка а, кхелан системан векалшка а, полисхошка а цабезам гIатторна а, бакъо йоцуш герз лелорна а бехкевеш ву Хазбиев Мохьмад.

Кхо шо хьалха меттигерчу Iедалхошна а, ницкъахошна а критика йина Хазбиев бехкевира машен лачкъийна, герз ду цо лелош аьлла. Политикан бух тIехь ду шена дуьхьал айдина гIуллакх аьлла, дIахьедира хIетахь оппозиционеро. Цул тIаьхьа Нохчийчу ведда вахана, кхо шо даьккхира цо. Кху шеран юьххьехь шена тIелатар дарна бехкевира Хазбиевс Евкуров Юнус-Бекан ваша – Увайс.

Дечкен-баттахь ГIалгIайчоьнан Iедалхошна ша тIе а веана, церан каравахара иза. ХIетахь дуьйнна Карабулакерчу СИЗО-хь лаьцна латтош ву оппозиционер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG