ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юхадаккха Украинана дина тIелатар" аьлла ПА ОБСЕ-но Оьрсийчоьне


Европан кхерамзаллехула а, цхьаьнаболхбарехула а йолчу парламентан ассамблейн организацино (ПА ОБСЕ) Оьрсийчоьне кхайкхамбина "аннекси юха а яккха, Украинана дуьхьал агресси а сацае" аьлла. Кхааридийнахь тIеэцна, сайте даьхначу кехаташлахь ду и дIахьедар а.

Ши документ ГIирмерчу ахгIайрех хьакхалуш ду, цхьаъ Къилба ХIиричуьрчу конфликтан 10 шо кхачарх. Депутаташа дийцарехь, ПА ОБСЕ-но емалдо оьрсийн Iедалхоша гIирмахошлахь низамаш хьешар, даржехь харцонаш, дискриминаци лелор.

Парламентан ассамблейно Оьрсийчоьнна тIедожийна адамийн бакъонаш юхаметахIиттор, дозуш доцучу зорбанашна а, бакъонашларъярхошна а, синбахамаллина а, дукха заманахь дуьйнна оцу регионехь бехачарна а, украинхошна а, ГIирмин гIезалойшна а тоьхна дозанаш дIадахар.

Болх берзош дIаешна деклораци ца тайна Оьрсийчуьра делегаци дIаяхара кхеташо ерззалц а ца Iаш. Пачхьалкхан Думан вице-спикеро Москох реза ца хилира аьлла аннекси йинчу ГIирмех а, Къилба ХIирийчоьнах а хьакхалучу кхаа резолюцина, хаамбо "Интерфаксо".

Кхааридийнахь йоьрзуш ю Берлинехь дIахьош хилла ПА ОБСЕ-н 27-гIа сесси. 57 пачхьалкхашкара 300 депутато дакъалецира цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG