ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Human Rights Watch: къизаллашна дуьхьал Конвенцин низамаш ца лардо Нохчийчохь а, ГIирмехь а


Оьрсийн Iедалхоша къизаллашна дуьхьал Конвенци ларъярх меморандум зорбане яьккхина Дуьненаюкъарчу Human Rights Watch (HRW) организацино. Кест-кеста адамийн бакъонаш, къаьсттина ГIирмехь а, Нохчийчохь а Iалашъеш цахиларо сагатдо рапортан авторийн. Даьржина оцу мехкашкахь Нохчийчоьнан Iедалхошна критика йиначарна дуьхьал зуламаш лелор, террорхошца зIенаш хиларца шеконехь латточарна тIехь къизаллаш латтор а.

Масална далийна Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб лацар. Йоллу регионехь а Iедалан харцонашна арз дан йисина цхьаъ бен йоцчу бакъонашларъяран организацин болх сацорхьама кхеле хIоттийна аьлла хета дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхошна Титиев.

"2014-чу шарахь Оьрсийчоьно аннекси йинчул тIахьа хьаькамаша шайца лелочу шогаллех" аьрзнаш дина ГIирмерчу бахархоша а. Ву царлахь режиссер Сенцов Олег а, жигархой Афанасьев Геннадий а, Параламов Ренат а.

Къизаллашна дуьхьало латторан Конвенцин коьрта низамаш талхийна ца Iаш, Iедалхоша садоIийла гIелдина диссидентийн а аьлла, билгалдаьккхина Human Rights Watch-о.

Митингашка а, дуьхьалонан акцешка а буьйлучу нахана тIехь даим а ницкъ латтабо Iедалан векалша боху цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG