ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дестечо йиттина, айпейина йоI тесна йитина Iедалхоша


2014-чу шарахь дестечо Байсултанова Маринас йиттина дарбан цIийне ялийначу Юсупова Мархин могушалла метта ца хIоьттина деа шерачохь. Юьхьанца, шаьш йоIана гIоле хиллалц иза шайн тергонехь латтор ю, ахчанца гIо а хир ду аьлла, дIахьединчу Iедалхоша тесна дитина цуьнан гIуллакх.

Ши шо хьалха ян лерина операци янза йисина, ненан ахчанца таронаш ца хиларна, оцу бахьанашца беран могушалла эшна йогIу, яздо "Кавказан узел" агенталло. Маршо Радионо дукха яздира шен агIоншакахь, 2014-чу шеран аьхка дестечо йиттина бер айпедина, дарбан хIусаме кхачорах. Кхело дестенна Байсултанова Маринина набахтехь даккха 9 шо хан туьйхира хIеттахь.

Жимчу йоьIан нанас Мадинас далхорехь, 2016-чу шарахь Москохарчу лоьраша ши-кхо бутт баьлча юха а дарба лело тIеялале аьлла Марха, финансашца аьтто ца хилла йигаза йисина. Делахь а хаддаза Соьлжа-ГIаларчу реабилитацин центрехь дарбанаш леладо беран нанас, хIетте а цо бахарехь, йоьIан аьтту куьг болх беш дац, садоIийла а ледара ду, когаш тIехь латтарца а халонаш хьоьгу цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG