ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а латтанаш тIеман гIирсах дIацIандеш ду


Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанийн латтанашкара 4 эзар гергга лоьлхуьйтурш яьхна карарчу шарахь, хаамбо "Интерфакс" агенталло. "ТIаьххьарчу кхаа баттахь кIошташкара 1, 4 эзар гектар латтанаш дIацIандина сапераша, шарахь юьхьарлаьцна план 71 процентна кхочушъеш. Кху муьрехь хьаннашкахь а, лаьмнашкахь а латтанаш толлуш ду сапераша", - яздо агенталлас.

Цхьана дийнахь а, буса а 70 эккха кхераме хIуманаш карайо царна. Доккхачу декъанна, хIаллакдийраш ду лелхаза дисина артиллерийн хIоънаш а, кхиболу тIеман гIирсаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG