ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIовше сурсташца нохчий хIаллакбеш бу аьлларг могуш ца хилла


Нохчийчохь тIебаьхкинчу наха дIовше сурсаташ кхиош ю аьлла, мехкан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане ватсапехула арздина Гелдаганара вахархо психиатрийн чоьтехь ву аьлла, меттигерчу телеэфирехь дIакхайкхийна. Зорбанашкахь яздарца, юьртбахаман продукцех дIовше химикаташ етта китайхоша бохуш, информаци яржо йолийра бутт карабеъчхьана. Шинаридийнахь Кадыров Рамзана дIакхайкхира и хаам бакъ ца хиларх а, меттигерчу стоьмаш, хастоьмаш кхиочарна дуьхьал цхьана Iалашонца йолийна кампани ю иза аьлла.

Ватсапехула кхечу мехкашкара тIебаьхкина нах республикера арабаха безар хьохуш, Кадыровга кхайкхамбинарг меттигерчу телехьожийле валийнера кхаарин суьйранна Iедалхоша.

YouTube-канале яьккхинчу видео тIехь, телекомпанин куьйгалхочо доьху арздинче ша дуьйцург бакъхиларан тоьшаллаш даладар. ДIовше химикаташ лелош а, я Гелдаганахь гиний хьуна китайхой а хоьтту вахархочуьнга. Ший а хаттар дацаре до вахархочо.

Цуьнан гергарчара тIечIагIдо, шайн стаг психикаца лазар долуш хилар а, цхьана заманчохь клиникехь молха-дарба лелийна а ву аьлла.

ХIара хилам дуьххьара бац Нохчийчохь. Дуккха а меттигаш бу Iедалхошна критика еш, жоьпе озийча дацаре деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG