ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев дIахецар доьху Канадас


Хьем ца беш, нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Аюб маьршаваккхар тIедожадо Канадас Оьрсийчоьнна. Пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн урхаллан Твиттерерчу агIон тIехь бина и хаам.

"Канада сингаттамехь ю Титиев Аюб эхашарна лаьцна витарна. Оха кхойкху оьрсий Iедалхошка, Титиевца нийсо лелоре", - дIахьедина Канадан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Кху Iай дуьнна лаьцна латтош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб, марихуана лелийна аьлла. Кхааридийнахь Шеларчу кхело эхашарна иза чохь вуьтуш сацамбина.

Титиевс шена дуьхьал даьккхина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла, Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле арздина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG