Махкарчу прокуратуран зерашца, шо карадеачхьана некъан бохаман хьовзамехь хиллачу инцидентийн хьокъехь 13 бехкзуламан гIуллакх листина кхелахоша. Нохчийчоьнан прокуратуран хаамашца, некъахь велла ялхийтта стаг, иттанна могушаллин зенаш дина. ТаIзарш динчу 12-нна набахтехь яккха хенаш йиттина, машен лело бакъо дIа а йокхуш.