ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь уггар тоьлла президент Обама Барак вара аьлла


"Шун дахарехь уггар а тоьлла президент мила вара?" аьлла, Цхьанатоьхначу Штатийн ши эзар бахархошка деллачу хаттаран жамIаш зорбане даьхна Iамеркан талламан Pew Research Center компанино. Жоьпашкахь респондентийн бакъо яра шина президентан цIе яккха. Хаьттинчарлахь 31 проценто уггар а тоьлларг Обама Барак вара аьлла .

13 % респонденташа шолгIачу меттиге хIоттийна Обама.

Цунна тIаьхьа Рейган Роналдан цIе яьккхина (21%). ШолгIачу меттиге ваьккхина иза 10 процент бахархоша.

КхолгIачу меттехь ву Клинтон Билл (13%), шолгIа меттиге виллина иза 19 проценто.

Карарчу хенахь президент волу Трамп Доналд къастийна хаттамехь дакъалаьцначу 10 процент бахархоша.

ШолгIа меттиг кхачийна цунна 9 %.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG