ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь карчам бан гIоьртинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахте кхайкхийна


Туркойчохь 2016-чу шарахь карчам бан гIоьртинчу хенахь Истанбулехь къепе талхорна бехкевинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахтехь такха хенаш йиттина. Босфоран тIай тIехь бехкебечара дакъалаьцна летаршкахь. Царна бехкедуьллу, президента ЭрдогIанан къайлахбертахошна тIаьхьа ма хIитта бохуш, бинчу кхайкхамна тIетайна могIарера бахархой хаа а хууш байар.

2016-чу шеран аьхка пачхьалкхан Iедал хийца гIоьртира Туркойчохь. Шен резиденцера аравала кхиъначу ЭрдогIана кхайкхамбира бахархошка, ара а довлий, бунтахошна дуьхьало латтае аьлла. Оцу бусаЭрдогIанан агIончашлахь а, цуьнан дуьхьалончашлахь а хиллачу тийсадаларшкахь вийра 200 стаг. Царех 43 Истанбулерчу Босфоран тIай тIехь.

Цул тIаьхьа Товбеца-баттахь Iазап лайначийн тIай аьлла, цIе хийцира Босфоран тIайн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG