ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн тIеман буьйранчаш кхаьчна Шема


Еаридийнахь Шемарчу гIаттамхойн Дераа гIала кхаьчначу оьрсийн лаккхарчу тIеман буьйранчийн тобано дийцарш долийна, и гIала президентна Асад Башарна дIаяларан хьокъехь. Рейтер агенталло хаамбарца, тIеман лаккхарчу даржашкара эпсарш тIехь болу гIагI диллина ши машен ал-Шайн кIошта чу а еана. ГIала юхалуш пIераскандийнахь бинчу бертаца а догIуш, дийцарш долийна цара Маьршачу шемахойн эскаран куьйгалхошца. ГIаттамхой чуьра ара а бохуш, герз охьадуьллуш бара бина барт.

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министран пресс-секретаран хаамна тIе а тевжаш, Оьрсийчоьнан зорбанаша а тIечIагIйина и информаци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG