ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаровс бакъ ца дина полисхошна зударий балор тIедожор


Полисхошна шишша зударий балор тIедожош ватсапехула баьржина хаам бакъ ца бина Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата "Дождь" телеканална еллачу интервьюхь. Социалан машанехь лела яьлла абсурде забар Маршо Радионо йийцаре яьккхина цхьа а бух боцуш аьлла министро.

"Со хууш вац Маршо Радионо и хаамаш стенгара лехьош бу. Бакъ дац иза. Цхьа а доцург ду иза", - аьлла Умаровс.

Делахь а, карладоккху хьаькамо, республикехь "божарел а зударий дукха хиларна, меттигаш хилар шиъ, кхоъ, йиъ зуда ялош. Оха дуьхьалонаш ца лелайо, хIунда аьлча, хIораннан а шен лаам бу и. Шинна юкъахь барт а болуш, Делан лаамца деш хIума ду и", - аьлла, дерзийна шен къамел зорбан министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG