Байина оьрсийн " Forbes " журналан редактор Хлебников Пол а, "Новая газетан" журналист Эстемирова Наташа а дага а лоцуш, Iамеркан Госдепо Оьрсийчоьне сацаде аьлла бозуш боцчу журналисташна дуьхьал зуламаш дахар, яздо ТАСС агенталло.
"Iамерко сагатдо Оьрсийчоьнан Iедалхоша журналисташ а, политикан оппозицера нах а саццаза хьийзош, маршо къуьйлуш хиларна", - аьлла Пачхьалкхан департаментан пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Науэрт Хезера. Цо билгалдаьккхина, журналисташ байинарш а, уьш байа аьлла кхайкхийнарш а хIинца а кхеле хIиттийна цахилар.
"ТIейогIучу заманчохь Нохчийчохь а, ерриг Оьрсийчохь а адамийн бакъонаш талхор таIзар доцуш цадитар" дIакхайкхийна Москохе Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатаийн департаменто.
Науэрта цу кепара дIахьедар дина 2004-чу шарахь Товбеца- беттан 9-чохь вийна Forbes журналан редактор Хлебников Пол а, 15-чохь йийна бакъонашларъярхо, "Новая газетан" журналист Эстемирова Наталья а дагалоцуш.
И ший а гIуллакх листина дац тахханалц.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ