ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиевн несо кхелехь дийцина, полисхой шайн чулелхарх


Бакъо йоцуш герз лелийна, Iедалан векалш сийсазбийна аьлла, бехк хьарчийначу гIалгIайн оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан вешин зудчо дийцина, полисхой ХазбиевгIеран цIийнах хьовсарх. Цо дIахьедо, карийна аьлла, Iорадаьккхина герз хIусамехь цахиларх а. Кхело хеттарш дан лерина хилла мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек тIе ца веана. Магасехь йоьдучу кхелехь суьдхочо дIадийшира, Евкуров белхан хьокъехь дIасаваьлла хиларна ван аьтто боцуш висарх ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун администрацера деана кехат.

Кху Iай дIалаьцна оппозиционер Хазбиев, Нохчийчохь лечкъина а Iийна, юхавирзинчул тIаьхьа. Иштта суьдхоша билгалдаккхарехь, процессе ван таро ца хилла шина тешан а - шен цIахь лаьцна латтош волчу Беков Мохьмадан а, Нальчикерчу СИЗО-хь латточу Безносюк Андрейн а.

Сунжа-кIоштан полицин декъан куьйгалхо Беков а, экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо лаьттина Безносюк а бехкевеш ву "Э" центрехь къизаллаш лелорна.

Кхелахоша лейина Хазбиев Мохьмадца цхьана кертахь ехаш хилла цуьнан вешин зуда Эсмурзиева ПетIамат. Цо даредарца, полисхой цкъа хьевсина ца Iа церан цIийнах. ХIусамехь герз карочу дийнахь цIеххьана чулилхинера полисхой. "Ханна даьхкина зудабераш -студенташ Iачу чохь карийнера герз. ШолгIа де дара уьш буьйса а яьккхина дIабахана. Шаьш довза а ца довзуьйтуш, кехаташ ца гойтуш, чулилхира полисхой", - аьлла, дийцина Эсмурзиевас. Иштта, цо бахарехь, ХазбиевгIеран уьйтIа хIоттийна хиллачу видеорегистратор чуьра диск дIадаьхьнера полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG