ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн лецнарш Кадыровга схьабоьху дагестанхоша


Бороздиновская олучу нохчийн эвлахь бехачу дагестанхойн гергарчара орца дехна "Керла гIуллакх" ("Новое дело") газетан редакцига. Цара бахарехь, кху деношкахь полисхоша лецна бигинчу церан эвларчу нахана тIехь къизаллаш лелош ю. СаIид цIе йолчо бахарехь, буса 11 сахьт даьллачу хенахь дIавигинера Курбан цIе йолу цхьа жимстаг.

"Аьлла хIума а доцуш, церан хIусамчу а лилхина дIавигинера иза. Цхьа хан яьллачу хенахь баьхкина кхин а пхи стаг дIавигинера полисхоша", - дийцина цо. Еххачу хенахь уьш бигина меттиг ца къаьсташ леллера уьш, амма тIаьхьо билгалдаларца, цхьаъ Гуьмсерчу полицин декъехь латтош хиллера, важа 5 Шелковск кIоштарчу.

"Уьш стенна бехкебеш бу цкъачунна хууш дац. ЗIене бовла аьтто хиллачара дийцарехь, ницкъбеш бу царна тIехь", - дийцина оцу юьртарчу вахархочо.

Адвокат лаьцна, жигара хьийза меттигера бахархой, делахь а цуьнан а аьтто ца болу лецначаьрца цхьанакхета.

Нохчийчу а бахана, Кадыров Рамзане гIо деха дагахь бу Бороздиновскан бахархой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG