ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СПИД яьржина Оьрсийчохь


Стохка дуьйнна Москох иммунодефицитан (СПИД) цамгар яржар лакхадаьлла 20 процентна. Оьрсийчоьнан могушаллин министралло хIора шарахь арахоьцучу статистийн тептар тIехь ду и терахьаш, яздо РБК агенталло.

Шина регионехь 100 проценте кхиина цомгушчийн барам. Чукоткехь 152 процент, Тувахь 133. Тамбовн кIоштахь а, Марий Эл, Карелин республикашкахь а, Ивановон кIоштахь а 50 – 66 проценте дистина терахь.

СПИД цамгарна дуьхьал къийсам латточу Федералан центран куьйгалхочунна Покровский Вадимна хетарехь, ВИЧ-ун даржар доьзна ала тарло кIорггера талламбан аьтто баларца, амма, цо бахарехь, коьрта бахьана – Iедало оцу проблемина кIезиг терго яр ду.

ТIаьххьарчу пхеа шерачохь официалан дIахьедарца, иммунодефицитан (ВИЧ) цамгар кхетта ву миллион сов вахархо.

Росстатан зерашца, 2016-чу шарахь СПИД-ах велла 35 эзар стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG