Полисхошка шолгIа зударий балабе аьлла, омра дина бохуш, зорбанашкахь баьржина хаам бух болуш а бац, цул совнах социалан машанашкахула и дезинформаци яржийнарш лоьхуш ду шаьш аьлла, дIакхайкхийна махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Керланаш агенталло дуьцу цунах.
Маршо Радионо яздира, ватсапехула дIасакхоьхьуьйтучу аудиохаамна тIе а тевжина, карара бутт бале зударий балор тIедожийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошна аьлла.