Австрихойн Енбах гIалахь Нохчийчуьрчу "Ахматан" а, ингалсан "Бирминген" тобанца дIахьочу матчехь лер-аларш хилла.
"Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубан ловзархой сийсазбан гIоьртинера къаьркъа мелла ингалсан тобан фанаташ. Цул тIаьхьа меттабалийра уьш "Ахматан" агIончаша", - аьлла, яздина нохчийн клубан Твиттерерчу официалан агIон тIехь.
"Нохчийчоь Тахана" агенталлан корреспонденте "Ахмат" клубан пресс-гIуллакххоша дийцарехь, футболах ловзархойн лер-аларш тIера доладелира дов, цул тIаьхьа маьттазчу дешнашца цIогIа еттара цара аьлла.
Ингалсан а, нохчийн тобанийн матч йирзина 1:0 чоьтаца.
ТIаьххьара йисинчу кхаа минотехь бразилхочо Родолфус гол тоьхнера "Бирмингенан" кевнашна.