ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIажарийчоь дуьхаьл ю Шемара шен эскарш арадаха


Димашкъо официалехь дехар дахь бен шайн эскарш Шемара арадохур дац шаьш аьлла ГIажарийчоьнан Лакхарчу лидеран дуьненаюкъарчу гIуллакхашхахула волчу хьехамчас Велаяти Iела Акбара ша Оьрсийчу веанчу муьрехь. ПIераскандийнахь "Валдайн клубан" йоьдучу кхеташонехь аьлла Велаятис "гIажаройн тIеман хьехамчаш" Шемахь бу, и пачхьалкх террорхойх а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатех а ларъярхьама аьлла. Шаьш Шемахь хиларх Израилна хетачуьнца ТIеIеранан бала бац аьлла гIажаройн лидеран хьехамчас. Делахь а, билгалдаьккхина цо, ГIажарийчоь ша Шемахь дечух Оьрсийчоьнца дагайолуш хилар.

Де хьалха Кремлехь Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимимрца цхьанакхеттера Велаяти Iела. Кремло хаамбира, шаьш дийцарединчу хеттаршлахь, Шемара хьал а дара аьлла.

Кеп-кепарчу барамашца, Шемахь эзарнаш гIажаройн тIемалой бу. Цул совнах, Шемарчу президентан агIор тIемаш беш бу гIажарошна муьтIахь йолу Ливанера а, Иракъера а, ОвхIанистанера а тобанаш. ГIажарийчоьнан эскарш Шемахь хилар мегар доцург ду аьлла хета Израилна а, Iамеркана а.

Велаяти Iела Акбар Аргентинан Iедалхоша дуьненаюкъарчу лехамашка велла ву, иза бехкево жуьгтийн центрехь 1994-чу шарахь хиллачу эккхийтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG