ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковская Аннин цIарах беш йиллина Москох


"Новая газетан" офисна уллохь беш йиллина журналистан Политковская Аннин цIарах. Иза йоьллучу дийнахь кхайкхинера цуьнан нана Мазепа Раиса а. Иштта дакъалецира газетан коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс а, "Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс а, иштта масех пачхьалкхашкарчу дипломатин векалша а, журналисташа а, бакъонашларъярхоша а.

"Халкъо Iалашъеш ю" аьлла, билгало йинчу бешахь дIадийра зезегаш, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто.

2006-чу шеран гурахь йийра Москох Политковская Анна. Иза дика евзара оьрсийн Iедална критика еш, къаьсттина Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх материалш "Новая газетан" агIонашкахь зорбане йоху журналист санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG