ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчохь ву иза - декхаделла цуьнан уггар а ирча гIан"


Германино шайн пачхьалкхера араваьккхина нохчо Шереметьево аэропортехь волу кхо де а ду

Масех де а ду Германино депорт йина нохчо Москохарчу "Шереметьево" аэропортехь волу. Дац цуьнгахь я кехаташ а, я ахча а, я телефон а.

50 шарел а тIехиккхина ву Аслан (цIе хийцина цуьнан "Кавказ.Реалии" портало).

Иттех шо дара иза Германехь дIатарвала гIерта. Политикан тховкIело ехнера цо 2000-чу шеран юьххьехь, амма дуьхьало йира цунна, цо дуьйцучух ца тешначу Iедало.

Оьрсийчу дIахьажийра Аслан, амма хье ца луш юхавеанчу цо, кхи цкъа а дехар дира, тховкIело йоьхуш. ШолгIа а дуьхьало йира цунна. Амма Iедалхоша шайн пачхьалкхера ара ца ваьккхира иза.

ХIунда аьлча, иза сецначу Баварин куьйгалло делла "тIевуьтуш" кехат дара цуьнгахь. Оцу документо бакъо юьту цхьана ханна пачхьалкхехь ваха, амма хьо кийча хила веза, мичча хенахь а пачхьалкхан собар а кхачийна, даймахка хьо дIахьажорна.

Хила тарло и шо даьлча а, Iедалан хьукматаша хьан кехаташ юха листа долийча. Нагахь цхьа бахьана хIоттахь, кхин а шарна вуьту хьо шайн дозан тIехь ваха, ца хIоттахь – чуьра аравоккху.

Шайн махкара дIагIо аьлла, кехат ца кхаьчнера Аслане. Дахначу шинаридийнахь, 10-чохь мухIажирийн гIуллакхашкахула йолчу хьукмате веанера иза, шен статус дIаяхъечу дийцаршка.

ГIишлонна чу ма велли, дIалаьцнера иза. Я шен хIусамненаца а, я адвокатца а зIене вала а дихкира цунна, ца елира хан я шен бедарш схьалахьо а.

Ши сахьт даьлча Москох доьдучу кеманчохь вара иза. Аслан дIакхетош улле бевлла бара немцойн полисхой. Оьрсийчохь кема охьа доьсинчул тIаьхьа, хьайн хьашт долччу гIо аьлла, хIара маьрша а витина, юхадоьдучу кеманца дIабаханера уьш.

Оьрсийчоьнан дозанхошца цхьана а кепара дийцарш ца дина хиллера немцойн Iедалхоша. Советан пачхьалкхо делларг бен кхи Оьрсийчоьнан вахархо хиларх паспорт карахь а доцу Аслан висира Шереметьево аэропортехь.

Хьан карахь кехаташ дацахь - хьо адам а дац

Ша Германехь вехачу юкъанна, меттигерчу Iедалхоша оьрсийн векалте а гIой, хьайн кехаташ меттахIиттаде бахарх а, дуьхьало йора Аслана юьхьанца.

Цкъа делахь, кхерара иза, ша цигахь дIалацарна. ШолгIа делахь, ша вада везначу пачхьалкхан паспорт ца оьшура цунна.

Эххар а Iедалхоша юьхьяхар кIордийча вахара Аслан оьрсийн векалте, амма цуьнан гIуллакхе ца хьоьвсинера уьш.

МухIажирийн немцойн федералан хьукматехь (BAMF) шолгIа а листира цуьнан гIуллакх.

Ала догIу, ша сил ледарчу хьолехь воллушехь, Аслан шен ма хуьллу дIаэн гIертара бухарчу къаьмнех, мигрантийн доладечу проекташна гIо латтадора цо, зуда а ялийра, немцошлахь дуккха а доттагIий лаьцнера цо.

Асланан Iуналла деш леллачу Малденер Стефа "Кавказ.Реалиига ма-дийццара, тиша хьал хиллера оцу стагехь, психологийн гIо оьшучу даьллера цуьнан гIуллакх.

"Оцу шерашкахь ша хIинций-хIинций Оьрсийчоьне дIало бохуш, кхерамца ваьхнера иза, цуьнан уггар а ирча гIан декхаделла-кх. Шен доьзалца Iо дика ян а ца ларийна иза", - аьлла, дийцина Малденера.

Шен ма хуьллу, аэропортехь волчу нохчочунна цхьа гIо дIакхачо гIерта и волонтер. Оццул чолхечу хьолехь волу стаг, кхи цунах кхета а ца гIуртуш, иза Оьрсийчу дIахьажийначу немцойн Iедалх цецвуьйлу Малденер.

Долчу хьолах цхьана а кепара комментари яла саготта бац, Асланна депортаци йинчу хьукматера векалш. Мел а сихха телефон тухур ю шаьш аьлла, дош деллера хьукматан белхахоша "Кавказ.Реалии" порталан корреспондентна, амма ши де а делира, цара кхи жоп ца хазош.

Оцу юкъанна, дуьненаюкъарчу "Шереметьево" аэропортерчу терминалан дозанхойн зонехь хиина Iаччохь вуьсу Аслан.

Шозза аьтто баьлла цуьнан Германехь йолчу шен хIусамнене телефонехула вистхила, кхечу пассажирийн гIоьнца.

Карарчу заманчохь цунна оьшург ю юург, хийца бедар, ахча, мобилан телефон а.

Текстан автор Мамсуров Аслан, гочйинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG