ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибаша нохчийн зударий байар бакъ ца до Кадыровс


Kadyrov Ramzan, Grozny
Kadyrov Ramzan, Grozny

ОвхIанистанехь тIалибаша нохчийн кхо зуда тIехь ницкъ а бина, йийна бохуш, зорбанашкахь даржар бакъ ца дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

"ОвхIанхойн хIун ю цахуучу Haama Press хьостанна тIе а тевжаш, оьрсийн хаамийн гIирсаша хазахетарца даржийна, даIишхойн тобанехь хилла Нохчийчуьра кхо зуда йийна аьлла", - резавоцуш яздо Кадыровс шен Телеграм-каналехь.

Кадыровс бахарехь, Haama Press агенталла шайн овхIанхойн эскаран 209-чу корпусерчу къайлахчу хьостанех пайдаэцна, ткъа цара "меттигерчу цIарах ца буьйцучу гIирсо" даржийна боху.

"Иблисаша а, тIалибаша а цу кепара къизаллаш лелор яц аьлла, цхьаннан а шеконаш яц, амма кхузахь ОвхIанистанехь нохчийн тIемалой бу аьлла, даржо гIертар ду", - дIахьедо Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG