ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асад сацаве аьлла, кхайкхамбина ЭрдогIана Путине


Астанахь Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а хьалхо куьйгяздина барт боха тарло, Шеман президентан Асад Башаран эскарша Идлиб провинцина тIелатар дахь. Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа дина и дIахьедар телефонехь Оьрсийчоьнанан президентца Путин Вадимирца хиллачу къамелехь, хаамбо Reuters агенталло, ЭрдогIанан гонерчу хьостанна тIе а тевжина.

ТIечIагIдарехь, хиллачу къамелехь ЭрдогIана дIахаийтина, ша саготта хиларх Дераа провинцин маьршачу бахархошна. Дераан доккхахдолу дакъа тIаьххаьрчу кIиранашкахь шемахойн Iедалан карадахна, Оьрсийчоьно гIо а латтош, гIаттамхошна дуьхьал йолийна операци бахьана долуш.

Цу кепара сценари Шемахь юха хIоттаяхь - бина барт бохор ду аьлла туркойн президенто.

Кремло тIечIагIдина шина президентан къамел хилар. Цо бахарехь, ший а агIо кийча ю "Шемара кризисе хьал дIадерзорхьама цхьаьна гIулчаш яха"

XS
SM
MD
LG