ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францин президент Путинца цхьанакхета Iалашо йолуш ву


Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца Украинех, ГIажарийчоьнах, Шемах лаьцна къамел дан дагахь ву Францин куьйгалхо Макрон Эммануэль. Францхойн президентан гонерчу хьостано бина и хаам Reuters агенталле. Елисейн цIийнехь хьалхо официалехь тIечIагIдира, Макрон кIирандийнахь Москох вогIуш ву дуьненан чемпионатехь Францин, Хорватин матче хьажа. Ловзар доладалале Путинца дийцарш дан дагахь а ву аьлла.


Петарбухахь ахфинал йоьдуш а веанера Макрон, амма оьрсийн Iедалан векалшца цхьанакхетар ца хиллера цуьнан. Reuters агенталло чIагIдарехь, цкъачунна Макрон кийча вац Путин тIедогIучу шарахь Францерчу Биаррицехь дIаяхьа билгалъяьккхинчу саммите кхайкха.

G7 саммитан дийцаршка Оьрсийчоь хао оьшу аьллера Iамеркан президенто Трамп Доналда а. ХIетахь Макрона дIахаийтира, ша а дуьхьал ца хиларх Путин кхайкха, амма дерриг а доьзна хир ду, Украинера конфликт ерзош Оьрсийчоьно аьтто барца элира цо.

Кремло бахарехь, шина президенто дуьйцур ду Хельсинкехь Трампан а, Путинан а хиндолчу цхьанакхетарх

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG