ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийчохь муфти лаьттина Евтеев лаца гIоьртина Москох полици


Евтеев Iела.
Евтеев Iела.

Москох Белорусин вокзалехь ХIирийчохь муфти лаьттина Евтеев Iела лаца гIоьртина полисхой. Цунах лаьцна "Кавказ.Реалии" корреспонденте хаам бина ша Евтеевс.

Цо дийцарехь, низамаш лардечу органийн белхахой иза дIавига гIоьртина хилла полицин декъе. Амма шена дуьхьалбаьхкина журналисташ Джемаль Орхан а, Кеворкова Надежда а, адвокаташ МусаевгIар Мурад а, Iалавди а хиларна полисхой "дIасабевдира", боху цо.

Кеворковас социалан машанерчу шен агIона тIехь бакъдина Евтеевс дуьйцург. Цо бинчу хаамца, Iелам стаг Москох кхаьчна хилла шен кIантаца Минскера.

Москох вина волу 44 шо долу Евтеев 2008-2010-чу шерашкахь муфти вара Къилбаседа ХIирийчохь. ТIаьхьарчу хенахь иза вехаш ву Истанбулехь.

Евтеевс кхоьллина а, цо куьйгалла деш а ю оьрсийн маттахь бусулба динах лаьцна хьехаран "Академия "Медина" портал а, Alif.TV телеканал а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG