Дуьненан футболан чемпионат яьлла Франци. Москох "Лужники" стадионехь хиллачу ловзарехь Хорвати эша а еш, толам баьккхина Францин тобано 4:2 чоьтаца.
Францин толам. ТIаьххьарчу матчан тоьлуш долу суьрташ
1
Лужникехь матч йирзинчул тIаьхьа. Хорватин футболхой бу майданахь берш.
2
ФИФА-н "дашочу буьрканца" Хорватин футболхо Модрич Лука а, ФИФА-с къоначу ловзархочунна аьлла, деллачу совгIатца францхо Мбаппе Кайлиан а.
3
Финалан матчехь францхойн ловзархочуьнга Умтити Самуэле, иза воьжначуьра хьалагIаттош куьйг делла хорватхочо Модрич Лукаса.
4
Пеналти. Кевнаш чу буьрка тоьхна Гризман Антуана.