ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пенсин реформа" алар дихкина Кремло


Пенсе воьду хан тIетохарх лаьцна яздеш "пенсин реформа" алар дихкина Кремлан администрацино Iедалшна муьтIахь болчу журналисташна а, эксперташна а, блогершна а. Цунах лаьцна хаам бо "Дождь" телеканало, Кремлерчу а, Пачхьалкхан Думерчу а хьасташна тIе а тевжаш.

Iедалш лууш дац "реформа" дош лелоро 1990 шерашкахь махкахь лаьттина хьал бахархошна дагадаийта, церан вочу агIор ойланаш кхоллаяла мегаш хиларна.

Iедалша хьехар дина пачхьалкхан зорбанан гIирсашна "реформа" дешан метта "хийцар" леладе аьлла.

Пенсе воьду хан тIетохарх лаьцначу низаман проект йийцаре ян йолор ю Пачхьалкхан Думо кху кIиранах. Цул тIаьхьа депутаташ садаIа дIасагIур бу, гурахь буьззинчу барамехь и низам тIеэца Iалашо а хIоттийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG