ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп а, Путин а цхьаьнакхетта ХIелсинкехь


Финлянди -- Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ Трамп Доналд а, Путин Владимир а цхьаьнакхетта ХIелсинкехь. 16 Товб.2018.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президенташ Трамп Доналд а, Путин Владимир а цхьаьнакхетта Финляндин коьртачу гIалахь ХIелсинкехь.

Цу шиммо йийцаре йийр ю шина пачхьалкхан юкъеметтигаш а, тайп-тайпана дуьненаюкъара проблемаш а.

Дийцарш дIадолош Трампа декъал вира Путин кхиамца футболан дуьненан чемпионат дIаяхьарца. Цо билгалдаьккхира Iамеркан а, Оьрсийчоьнан дика юкъаметтигаш хилар дика ду, вон дац аьлла.

Дагадовларш дахлур ду 2 сохьтехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG