Видеоблогерна Давыдов Ильяна арахь яьккха 1,5 шо хан тоьхна Москох Тушино кIоштан кхело, хаам бо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Цу стагана бехке диллинарг ду исламца а, керстан динца а боьзначу нахах лаьтта тоба сийсаз яр.
Бехктакхаман гIуллакх долийнера блогерна дуьхьал 2017-чу шарахь Чиллан-баттахь, "КъорIанах забар" цIе а тиллина, видео цо YouTube-хь дIахIоттор бахьана долуш.
2017-чу шарахь Охан-баттахь и видео экстремизман чулацам болчу материалашна юкъатуьйхира Оьрсийчоьнан юстицин министралло.