ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа ХIелсинкехь дийцинчунна реза бац Iамеркан политикаш


Путин Владимир а (аьрро), Трамп Доналд а.
Путин Владимир а (аьрро), Трамп Доналд а.

Iамеркан политикаш цецбевлла Трамп Доналда Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа вистхуьлуш гIортор ца ярна оьрсий Цхьаьнатоьхначу Штатийн харжамашна юкъагIиртина аьлла Iамеркан талламан урхалло динчу жамIашна. Трампа элира, Путина "хаддош а, тIедожжош а иза бакъ ца до" аьлла.

"Iамеркан аз" портало хаам барца, ХIелсинкехь Путинца цхьаьна хиллачу зорбанан конференцехь Iамеркан лидеро элира, лерринчу прокуроро Мюллер Роберта дIахьош болу таллам шайн махкана ирча бохам хилла дIахIоьттина аьлла.

Iамеркан сенаторо республикан партин векало, тIеман ницкъашкахула йолчу комитетан декъашхочо Грэм Линдсис оршотан дийнахь дIахьедар дира, президенто динчу къамело гайтира Iамекан "эгIазалла" аьлла.

Iамеркан сенаторо республикан партин векало Маккейн Джона дIахьедар дина: "Таханлера ХIелсинкин зорбанан конфренци исторехь а эхь долуш Iамеркан президенто къамел дар дара. Трампан кIоргензалло а, цо ша шен дозаллаш даро а, цхьанадогIуш хIуманаш хиларан мах хIоттош Iехаваларо а, авторитаран лидершка болчу безамо а дина зе лара хала ду".

Цу кеппара чулацам болуш дIахьедарш дина кхечу цхьаболчу сенаторша а, лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG