ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан С-400 метта Туркойчоьне шайн Patriot эцийта лууш ю Iамерка


Украинехь зуьйш ю Patriot, Охан. 25, 2018
Украинехь зуьйш ю Patriot, Охан. 25, 2018

Iамеркан Пачхьалкхан департамент тешо гIерташ ю Цхьанатоьхначу Штатийн НАТО-н бертахо йолу Туркойчоь ракеташна дуьхьал йолу шайн Patriot системаш эцар гIоле хиларх, Оьрсийчоьнера С-400 оьцучул а.

Цунах лаьцна Британерчу Фарнборохь дIайоьдучу авиасалонехь хаам бина Iамеркан Пачхьалкхан секретаран политикан хаттаршкахула гIоьнчан декхарш кхочуш деш йолчу Кейдану Тинас.

Туркойчоь шозза шен тидам тIебахийтина Patriot системана цу кепара ракетийн комплексаш къасточу юкъанна. Амма эххаре а 2017-чу шарахь туркоша сацам бира Оьрсийчоьнан С-400 эца.

Кейданус дийцарехь, Вашингтон "синтем байна ю, Оьрсийчоьнера и системаш эцарца Туркойчоьно гIортор йийр хиларна Москох Европехь а, кхечу меттигашкахь а вон леларна".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG