Ищерскера Соьлж-ГIала боьдучу некъа тIехь Терк тIехула тиллина керла тIай схаьдиллина Нохчийчохь оршотан дийнахь. Цу хьокъехь леррина церемони хилла, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш.
И хаам бинчу "Регнум" агенталло яздарехь, хьалха хилла тIай кхераме дара тIехула дIасалела, тIемаш боьлхуш дохийна хиллачул тIаьхьа юхатодина хиларна.
Керла тIай тиллар бахьана долуш Невран а, Теркайистан а, Соьж-ГIалан а кIошташкарчу ярташкара Соьлж-ГIала боьду некъ бацлур бу 180 километр гергга.
Керлачу тIайн йохалла ю 300 метр. 15 метр шуьйра а ду иза.
"Регнумо" бинчу хаамца, Теркан тIехула керла тIай тиллина, "Платон" системаца гулдинчу ахчанах. Цуьнан мах бу 330 миллион сом.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!