ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политковскаян доьзална 20 эзар евро дала декхарелахь йина Оьрсийчоь


Европан адамийн бакъонашкахула кхел, Страсбург.
Европан адамийн бакъонашкахула кхел, Страсбург.

"Новая газетан" журналист Политковская Анна ерна цуьнан доьзална дIало аьлла Оьрсийчоьннна 20 эзар евро тIедожийна Европан адамийн бакъонашкахулачу кхело. Оцу хьокъехь бина сацам зорбане баьккхина Страсбургерчу кхелан сайта тIехь.

Оцу кепара Европан кхело Оьрсийчоь жоьпаллехь лерина журналистан яха йолу бакъо йохорна.

Политковская Анна йийна 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь Москох. «Новая газетехь» болх беш йолу журналист евзаш яра Оьрсийчоьнан Iедалшна критика еш а, Нохчийчохь лаьттачу хьолах а, цигахь адамийн бакъонаш талхош хиларх а лаьцна артикалш язъярца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG