ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIом бина стаг зуда ерна набахте хьажийна Сочин кхело


Сочера кхел.
Сочера кхел.

Нохчийчуьрчу тIамехь дакъалаьцна волу Сочин вахархо Дзятковский Андрей, 14 шо хан а тоьхна, чувоьллина совдегар Сырцова Лиана ерна. И зулам цо динера 2012-чу шарахь.

Хадархо болх беш волчу цу стага Сочи гIалан юккъехь «Венеция» туькан уллехь герз диттина йинера цу махбаран хIусаман долахо йолу зуда. Цу хенахь дуьйна къайлаваьлла лелаш вара иза.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, стохка Тайландан Iедалша, схьа а лаьцна, Оьрсийчоьне дIавеллера зуламхо.

"Коммерсанто" яздарехь, Дзятковскийна таIзар билгалдоккхуш кхело тидаме эцна цунна Нохчийчохь тIом барна мидал елла хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG