ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОБСЕ-н Украинерчу миссех лаьцна хаамаш карабахна Оьрсийчоьнна


ОБСЕ-н Украинерчу миссин декъашхой.
ОБСЕ-н Украинерчу миссин декъашхой.

Оьрсийчоьнан талламан урхаллан белхахойн аьтто баьлла ОБСЕ-н Украинерчу малхбалехь йолчу тергамхойн миссин документашна тIекхача. Цунах лаьцна хаам бина немцойн ARD телекомпанино.

Цу документашна юкъахь бу цу тобанан декъашхойх лаьцна болу хаамаш а. Уьш Оьрсийоьнан агенташка дIабелларг ву ОБСЕ-н миссин белхахошна юкъахь волу шпион.

Дийцарехь, цо лачкъийначу досьена юкъахь бу ОБСН-н миссин декъашхойх лаьцна болу хаамаш, шайна юкъахь телефонийн номерш а, хIоранна а марзделларг а, хазахета зударий тайпанаш а, финансашца доьзна хьал а долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG