ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iаьрбашна хьажийна хьешан цIа дийр ду Нохчийчохь


Нохчийчуьра муфти Межиев Салахь.
Нохчийчуьра муфти Межиев Салахь.

Гергарчу хенахь леррина Iаьрбийн пачхьалкхашкарчу хьешашна хьажийна тIекъелдина цIа дан долор ду Нохчийчохь. Цунах лаьцна республикан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане хаам бина дукха хан йоцуш Кувейте ваханчура цIавирзинчу муфтис Межиев Салахьа, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Кувейтехь муфтис барт бина инвесторшца Соьлж-ГIалахь Iаьрбийн мехкашкара богIучу нахана леррина цIа дан.

Цул сов, Межиевс бинчу хаамца, цу пачхьалкхо Соьлж-ГIалахь йийр ю хьуьжар а. Цуьнан территорина тIехь дийр долуш ду "Iаьрбийн цIа".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG