Титиев Оюбан дов хоттуш кхелан кхеташо дIахьура ю Шелахь схьайиллинчу рожехь.
Бакъонашларъярхочунна бехке дуьллуш ду наркотикаш лелор. Амма цо полисхоша уьш шен машенна чукхиссина боху.
Титиев лаьцна латтош ву талламан изоляторехь кхушеран Дечкен-беттан 9-чу дийнахь дуьйна.
Цуьнан гIуллакх политикан бух болуш ду аьлла, иза дIахецар дехна цхьамогIа дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаша а, политикша а, бевзаш болчу юкъараллан жигархоша а.