Нохчийчохь гучуйолуш ю экстриман керла тайпа - Rope jumping (тIергашца чулелхар). Иза ду, когех алпинистийн тIергаш а тийсина, лерринчу амортизацин гIирсах пайда а оьцуш, лекхачу меттера чулелхар.
Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан Iедалан туризмехула йолчу комитетан куьйгалхочо Байтазаев Муслима, хаам бо chechnyatoday.com сайто.
Байтазаевс дийцарехь, и тайпа экстрим юкъаяккха цо республике кхайкхина цу тайпачу самукъадаккхарехь говза йолу "Nо fear" (Кхерам бац) цIе йолу тоба. Цуьнан декъашхой Нохчийчохь дуьххьара, когех тIергаш а тийсина, тIайн тIера чулелха дагахь бу Органан чIожехь.
Кавказехь а доккха лоруш долчу Органан чIожан бердаш ду 1100-4800 метр.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!