ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Деши бахьанехь Минводехь гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу шина зудчунна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчуьра ши яхархо сацийнера Минеральные Воды кеманпортехь Чиллан-беттан 6-чу дийнахь, цу шиммо йохьуш йолу дешин хIуманаш бахьана долуш.

Дубайра кеманца Минеральные Воды гIала еанчу Нохчийчуьрчу шина зудчо декларацех чекхъяькхина ца хилла шаьш йохьуш йолу 306 грамм йозалла йолу 31 ювелиран хIума.

Аэропортехь арахьара чуйохьучу хIуманна тIера ял йоккхучу хьукматан белхошка аьлла хилла цу шиммо церан мах 10 эзар доллра а бен бац. Ткъа цхьана зудчо цхьайолу хIуманаш къайлаяьхна а хилла. Амма эксперташа кхин мах хадийна дешин – 2 миллион сов сом.

Низам дохорна кхело шина зудчунна гIуда тоьхна. Цхьанна – 416 000 сом, вукхунна – 635 000 сом. ХIуманаш къайлаяха гIоьртина зуда декхарелахь йина уьш деклорацех чекхъяха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG