ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Словакино дIавелла Оьрсийчохь террорхо лору Яндиев


Словакин Iедалша Оьрсийчоьне дIавелла Федералан кхерамазаллин сервисо дIавоьхуш хилла ГIалгIайчоьнан вахархо Яндиев Аслан. ФСБ-но бинчу хаамца, Яндиевна бехке дуьллуш ду 2006-чу шарахь Буру-гIалахь, 4 стаг а вуьйш, терроран тIелатарш дар. ФСБ-но чIагIдо иза Басаев Шемилан тобанан декъашхо хилла бохуш.

Яндиевс шена буьллу бехкагш тIе ца дуьту.

Amnesty International вовшахтохаралло бинчу хаамца, иза Оьрсийчуьра дIавахана хилла 2008-чу шарахь, ца дина зуламаш бахьана долуш Iедалша ша хьийзорна кхоьруш. ФСБ-но чIагIдо Яндиевс Оьрсийчоь 2010-чу шарахь йитина бохуш. Хууш ду оцу шарахь цо Словакин Iедалшка политикан тховкIело ехна хилар.

МухIажиран статус лeчу метта 2011-чу шарахь Iедалша лецира Яндиев, Оьрсийчоьнан дехарца.

7 шарахь адвокташ дуьхьало ян гIиртира Яндиевна экстрадици ярна, амма Словакерчу суьдо сацам бира, Оьрсийчоьне иза дIавала мегар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG