ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н белхахо ю ша бохуш, зулам дан гIоьртинчу зудчунна гIуда тоьхна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахо ю ша бохуш, бозбунчалла лело гIиртина 41 шо долу ГIалгIайчуьра яхархо ю таIзар динарг. Магасерчу кхело 300 эзар сом гIуда тоьхна цунна.

ГIалгIайчоьнан прокуратуро бинчу хаамца, цу зудчунна бехке диллинарг ду, харц дерг а дуьйцуш, нехан бахам шен дола баккха гIортар.

Ша ФСБ-хь болх беш ю, шена вевзаш цу структурехь болх беш лаккхарчу даржехь волу эпсар ву бохуш, шена вевза цхьа стаг ле а веш, ахча даккха гIерташ хилла и зуда, цунна дахаран халонех хьалхаволуш гIо дарна.

ФСБ-н белхахоша лаьцна "шайн коллега", цу стагера ахча схьаоьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG