Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, президентан Путин Владимиран а, Трамп Доналдан а цхьаьнакхетарна комментари еш, билгалдаьккхина, вуно мехала жамI "и диалог хилар" ду аьлла. "Шина политикна доьналла карийна цхьаьнакхета", - яздина Кадыровс шен Телеграм каналехь, хаам бо Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, "хьалхара гIулчаш яьхна шина агIонан уьйраш кхин дIа а Iинах яхар юхатоха".
Кадыровс емал дина цу цхьаьнакхетаран жамIашна цхьаболу политикаш луьш хилар. Цунна хетарехь, Оьрсийчоь шайн мостагI хетачеран планашца догIуш дац шина пачхьалкхан юкъаметтигаш лортехь долчу хорша ерзар.
Цхьаболчу политикийн реакцехь Кадыровна го, уьш кхоьруш хилар, "ша а бешна, Москохан а, Вашингтонан а аренашкахь бIаьсте яла мегаш хиларх".